Кадыров Рамзанан могушалла де-дийне эшна йогIуш йу, Ӏедал хийцадала мегаш ду бохуш, йуха а дийцадаьккхина Нохчийчохь. Европехь бехачу оппозицин векалшка а, республикерчу бахархошка а хеттарш дича, дуккха хьолахь церан дог ойла къаьсташ йу. Редакцино къамел дира тайп-тайпана хенашкара а, социалан тӀегӀанашкара а болчу бахархошца, царна хIун аьлла хета а, регионан кхане муха го а хаа лууш.
2000-гӀа шераш дуьйладелчхьана Нохчийчохь виъ куьйгалхо хийцавелла. 2007-чу шарахь дуьйна республикан коьртехь ву Кадыров Рамзан. Цо куьйгалла до хан билгалйаьлла, федералан ницкъашца тӀом хиллачул тӀаьхьа республика меттахӀотторца а, политикан оппоненташ а, бакъонашларъярхой а, жигархой а байарца йоьзна гIарайевллачу скандалашца а. Цул хьалха хиллачу куьйгалхойх цхьа а– йа Советан заманахь а, йа Советан Ӏедал доьхначул тӀаьхьа а – оццул йехачу хенахь республикехь куйгаллехь ца хилла.
Билгаладоккху: 2000-чу шарахь Путин Владимиран омрица Кадыров Ахьмат республикан куьйгалхо хӀоттийра, тIаьхо 2003 шарахь, иза республикан президент а хоржуш. 2004-чу шарахь стигалкъекъа-беттан 9-чохь Соьлж-ГӀаларчу стадионехь эккхийтар дина Кадыров Ахмад вийра. Цул тӀаьхьа президентан декхарш цхьана ханчохь кхочуш деш вара Абрамов Сергей. 2004-чу шарера 2007-чу шаре кхаччалц регионан куьйгалхо Алханов Алу хилла. Ткъа 2007-чу шарахь Кадыров Рамзана республикан куйгалла шен караийцира – цкъа хьалха президент санна, тӀаьхьо, цуьнан инициативица "республикан куьйгалхо" аьлла цIе а хуьйцуш. Куьйгалле хӀоттийначу хенахь цуьнан 30 шо дара - Оьрсийчоьнан низамехь,президентан даржехь хила бакъо ло хан.
ТӀаьхьарчу хенахь, хаамийн гӀирсашкахь кест-кеста йаздо Кадыровн цамгарх лаьцна а, иза шен даржера дIавала мегаш ву бохуш а. Цхьайолу публикацешкахь йаздо, цуьнан метта, цуьнан кӀант Кадыров Адам хIоттош ву бохуш: цуьнан билгало йу, дукха хан йоццуш Кремлехь президента Адам тIеэцар, хаамийн гӀирсашкахь цунна жигара пропаганда йар а. Нохчийчохь Ӏедалан кханенах лаьцна, бахархошна хетарг тайп-тайпана ду, амма тхоьца къамел динарш массо а бохург санна цхьана хӀуманна реза бу: республикехь хаос а, тIом а ца беза цхьанна а.
"Цо хIаллакбинчу нахах цхьамма а гечдийр дац цунна"
Оьрсийчоьнца хиллачу шинна а тӀамехь дакъалаьцначу 54 шо долчу Асланбекана (цӀе хийцина йу) хетарехь, республикан керла куьйгалхо - регионера Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам хир ву, стенна аьлча, Адама цкъа а Кадыровна ша тешаме цахилар гайтина дац – масала, Алудинов Аптис санна, массарна а дагадогIу, цуьнан Кадыровн суьртана тIехула хилла скандал, цунна йеттар а, амма Ӏаткъам болу наха, "кӀелхьара а ваьккхина", Украине дӀахьажийра спецназан "Ахмат" буьйранча а хIоттийна.
Тамаш бу-кх тахана мехкан премьер-министр волу Даудов Мохьмад республикин куьйгалле хIоттавахь аьлла хета Асланбекана, и санна "шен накъостий боьхкина" стаг хIоттор вац цхьаммо. Рамзан а вац цунах тешаш. Делимхановс йуьхьанца дуьйна беш бпра уггар а "чолхе болх" – нах бойуш, лечкъош, царна тIехь къизаллаш лелош. Кадыров Адам хӀинца а жима ву, ткъа Делимхановс формалан кепехь куйгалла а деш, дарж латтор ду, иза воккха хиллалц, - боху Асланбека: "Оьзда, хьекъале стаг охьахаор вац цара (Кремло -ред. билгалдаккхар) цигахь. ШолгӀа Кадыров оьшу царна".
МогӀарерчу белхахошна куьйгалхо хийцарх, хIумма а хуьцуш дац
"Кадыровс дуккха хIума дина республикехь. Амма цо а, цуьнан гуоно а байинчу нахе хьажча, и данне а доцург ду?" – кхиндӀа а дуьйцу къамелхочо. "Цунна дӀавала лаахь а, цунна иза могуьйтур дац. Цхьаммо а гечдийр дац цунна, харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а кхуллуш, чубоьхкина кегирхой а, эзарнашкахь хIаллакбина нах а. Шен тӀаьхьенан ойла йан йеза цуьнан хIинца... ЧIир эцар цхьаммо а йукъара даьккхина дац. Масала, со чӀир ца йекъахь а, и дендерш дуккха а хир бу", - аьлла, дерзийра Асланбека.
Дешаран секторехь болх беш волу 64 шо долу Салам а (цӀе хийцина йу) ца теша, Ӏедал хийцалур ду аьлча. Цо билгалдоккху, тӀаьхьарчу шерашкахь республикехь хилла кхиамаш, Кадыровн федералан центрца йолчу юкъаметтигашца доьзна хилар.
"ХӀун пайда бу, федералан центрна Кадыров хийца? Хьовсал республике - бакъалла а кхиамаш хилла. Регион меттахӀоттийна, вуно дика некъаш дехкина, социалан ахчанаш луш ду. ЙоI лачкъор дихкина - бахархой цунах баккхийбеш а бу. Керла доьзал кхолллале хьалха хӀинца кIант а, йоI а лоьрех чекхдоккху. Нохчийн меттан де ду, нохчийн зударийн де йукъадаьккхина, Советан заманахь а ца хилла иштта хӀума", - бохуш, масалаш даладо Салама.
Цуьнца цхьаьна цо мукӀарло до, политикан тIеганехь долу хьал, дика ца хилар: "Вайна го, юкъаралла, ницкъхошна кога -кIел йахьина, низамаш гIийлачу нахана йаздина хилар а. Iедал халкъана хьалха жоьпаллехь дац. ХIинца а, эзарнашкахь тIепаза байна [Шина тӀамехь] нахах, хIун хилла хууш дац. Оьрсийн эскархоша тIамехь дина зуламаш, хIинца а таллаза дуьсуш ду. Амма центрна бала бац, коьртаниг – махкахь сепаратизм цахилар ду".
Къамелхочунна хетарехь, куьйгалхо хийца тарло кхаа хьолехь: Кадыров лахь, йа шен декхарш кхочуш дан могушалла цуьнан ца хилахь, йа Оьрсийчоьхь президент хийцалахь. Нагахь санна, карарчу хенахь куьйгалхо дӀавалахь, уггаре а хьалха кандидат - премьер волу Даудов Мохьмад ву аьлла, хета цунна.
"Амма милла веъча а, цуьнан тохарлера гIирсаш хир бац, йа федералан хьаькамашца Рамзанан санна паргӀат къамел дан аьтто а хир бац", - тешна ву Салам.
"Суна-м ца оьшу цхьа а хийцамаш "
Баккхийчу нахана йукъахь кхечу кепара хьежамаш бу: стабилалла а, кхерамазалла а, авторитаран Ӏедал делахь а, уггаре а коьртаниг ду, боху цхьаболчу меттигерчу бахархоша. Пенсхочун, 64 шо долчу Зулиханна (цӀе хийцина йу) ца тайра, куйгалхо хийца мегаш ву боху къамелаш:
"Мила ву хийцалуш, хьан хуьйцаш ву?! Шун гур долу хIума дац иза! АллахӀа бӀе шарахь могашалла лойла цунна! Со йоккха йу - со йелча а, цхьа а цецвер воцуш. Масех Iедал гина суна, царех гIоле дерг муьлха ду ала йиш йу сан. Ас дуккха а къахьегна сайн дахарехь: консервийн заводехь a, гектарашкахь буракаш а лелийна, кхин дIа а... Пачхьалкх йоьхна зама йеара, йуха тӀом - дерриге а ас гулдинарг цхьана минотехь дайра. ТIом боьду хеначохь бераш мича, мухIа кIелхьара даха деза ца хууш лелла со. Цо [Кадыров Рамзана] вай жоьжахатах кIелхьарадаьхна. Ткъа вай хIинца реза доцуш ду,"- дуьйцу къамелхочо
"Цо а, цуьнан гуоно санна, шен халкъ сийсаз ца дина цхьаммо а"
Соьлжа-гIалин йахархо а, лоьрийн гонашкахь белхаш бен Лаура (цӀе хийцина йу) реза йу Зулихана аьлчунца. Регионан куьйгаллехь муьлхха а хийцамаш хилча а, ша санна рогIера белхахошна, хийца дала хIумма а дац, аьлла тешна йу иза.
"ХӀаъ, керланашкахь гина суна, Рамзан могуш воцийла, амма иза хуьйцуш хилар цхьаммо а дийцаре деш ца хезна", - цецйуьйлу иза. "ХӀинца 27 шо ду аса медицинехь болх беш, оцу заманчохь рогIера медицинан белхахошна хийцаделла, суна дага а догӀуш, хӀумма а дац. Дахначу Ӏедалан заманахь а, хӀокху Ӏедалан заманчохь а, алапа тӀера йуха алапа даллалц копекаш йагар а йеш, хене дуьйлу тхо. Алапаш лахара ду чIогIа, ткъа цу тIера а дIадала дезаш хуьлу..., тхан чоьтах ремонтана а, суботникашна а гIирс оьцуш Iийна, кхин-дIа а оьцуьйтур а бу. Мискачу белхахошна Iедал хийцарх хила гIоле йац".
"Кадыров гӀоле ву, кхин дIа хIун хир ду ца хуучул а"
Цхьана кӀоштан администрацин белхахо волу Ӏелина а (цӀе хийцина йу) хета, куйгалхо хийца оьшуш дац аьлла: федералан центро Кадыров Рамзан дIавоккхур вац. Хила тарло, нагахь санна иза цомгуш хилча, йа дIакхелхича. Къамелхочо дийцарехь, кхин цхьана а регионан куьйгалхочун ка йер йац Рамзана бина кхиамаш бан.
"Хьажа Соьлжа-гIале, Устрада-гIале, йа Гуьмсе, вайн йарташка, некъашка хьажа. Лаьмнашкахь, цкъа а ца хиллачу меттехь газ а, ток а йу хӀинца. И тайпа кхиамаш баха вуно хала ду. Ахча центрера схьадаккха дезаш ду. КРА-на (къамелхочо, куьйгалхочун инициалшца цIе йокху) хаьа и муха даккха деза. Журналисташа ма-аллара цуьнан "къаьсттина дика" йукъаметтиг йу Путинца. Ткъа цуьнан метта хIоттийначунна хир йуй иштта дика йукъаметтиг - иза доккха хаттар ду. Со шек ву… Оьрсийчохь кхечу хьаькамашна санна, ахча лакъо аьтто бу цуьнан а. Цо а лачкъа до, амма йерриг республика меттахIоттийна. Хьажа, керлачу хаамашкахь гойту лечкъийна миллиардашкахь ахчанаш - дийнна цхьана республикана кхачон тарлу ахча ма ду и. ХӀаъ, вон хӀуманаш а долуш ду. Амма, Кадыров гIоле ву, хIун хир ду ца хуучул а", - аьлла, дерзийра шен къамел Ӏелас.
"Суна лаьара Ӏедал хийца дала", - боху республикерчу цхьана университетан студента Аслана (цӀе хийцина йу). Цунна хетарехь, нохчийн исторехь, таханлера куьйгалхо нохчийн халкъана уггаре доккха зен динарг ву.
"Цкъа а, цхьаммо а, ца дина шен халкъ иштта сийсаз, цо а, цуьнан гуоно санна", - бохуш дуьйцу студенто. "Ма-дарра дийцича, цо вай кхоалгӀачу тӀаме [Оьрсийчоьно Украинина дуьхьалбо тIом] йукъаозийна, къам хьалха хиллачу шина тIамах даьлла, хӀинца а чу са деана а дац цунна. Цара махкахь кегийрхошна тIехь латто террор, ас йуьйцуш а йац. Церан бехк ма бу, тахана массо а махкара ваьлла дӀаваха лууш хиларна".
Ткъа Рамзанан метта мила хӀоттор ву бохучу хаттарна жоп луш, Аслана йаьккхира Даудов Мохьмадан цӀе: "Со тешна ву, иза кхарна ма хета атта воцийла... Иза хьекъале а, хӀилла долуш а, кхераме стаг ву. Суна хетарехь, Кадыров ша а, кхеташ ву цунах. Хьажал, иза муха лела цхьаьнакхетаршкахь а, кхечу официалан барамашкахь а - говза къамел до, республикехь долу хьал а дика хаьа цунна. Со тешна ву, цо ша кхин а гойтург хиларх", - аьлла дерзийра къамелхочо.
- Кадыровс масийттазза харцдира шен могушалла эшна йогIуш хиларх лаьцна даьржина эладитанаш: видеохь упражнениш йеш гойтуш, тӀулг хьалаойбуш, машен тоьттуш, шен накъосташца спарингаш йеш. Стохка марсахьокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо мукIарло дира, ша хӀора кхаа баттахь "капремонт" йойту, ткъа хӀора эхашарахь "йоккхачу ремонтах" чекхволу аьлла.
- Кадыров Рамзан бала хьоьгуш ву зорхан йекхоьнан некрозца – цунах лаьцна дIахьедира "Новая газета Европа" журналисташа шаьш бинчу талламехь. Иза чIогIа цомгаш ву боху хабарш лела дукха хан йу, амма цамгар къаьстина чолхе йаьлла 2019-чу шарахь, йаздо текстехь. Панкреатит бахьана долуш цамгар кхин а тIе чIагIйелла боху, цо талхадо дахарна коьрта йолчу органийн болх бар.