ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Луьра таIзар дан деза": Америке дIавахначу Ессентукера Росгвардин эскархочунна тIаьхьабевлла Iедалхой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Легаш Iоьвдина шен хIусамнана а йийна, ша шена герз тоьхнера къайлахчу сервисийн белхахочо 2018-чу шарахь. Меттигера лерринчу сервисийн урхалла гӀоьртира хилларг федералан куьйгаллех къайладахьа, амма цу гӀуллакхах лаьцна кIорггера хоуьйтуш дийца даьккхира интернетехь. И гIуллакх гIарадаларна бекевира Росгвардин герзан инспектор волу Бурмай Владимир, ФСБ-н дарж дита декхаре вира иза. 2022-чу шарахь дуьйна Ставрополера байкерш олучу гӀуллакхехь бехкебечех цхьаъ ву Бурмай. Тхан сайто йуьйцу цуьнан историх.

Билгалдаккхар: 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Ессентукехь лецира меттигерчу мотоциклийн клубера 4 байкер. ФСБ-но уьш бехке бира тIеман комендатурина теракт кечъйарна. Талламчийн версица, байкерша вовшашлахь дийцаре а дина а, план хӀоттийна хиллера къевлинчу телеграм-чатехь, иштта дIайехкина латтош хилла Молотовн коктейлаш а, герз а, патармаш а. Цуьнан двокаташа чӀагӀдо, и тоьшаллаш шайггара кхоьллина ду бохуш: уликаш цара тийсина йу, ткъа дерриг а мукӀарлонаш тIехь гӀело йеш, даьхна ду. Бехкевечух цхьаъ велира 2024-чу шеран товбеца-баттахь, хетарехь, тӀехь гӀело йар бахьана долуш.

Бурмай Владимир – полицин а, Росгвардин а хилла белхахо ву. "ставрополхойн байкерийн гIуллакхехула" дуьххьара лаьцначул тIаьхьа, Оьрсийчуьра дIавахара иза, карарчу хенахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь веха.

2023-чу шеран зазадокху-беттан 9-чу дийнера схьа – дуьненайукъарчу лехамашкахь ву иза. ЦIа а волий, Мурнев Николайна а, Дудченко Сергейна а дуьхьал тоьшаллаш де бохуш, ца вуьту иза. Оцу йукъанна тIеIаткъам а бо цунна, 2018-чу шарахь хилларг дуьхьал детташ – ФСБ-н белхахочо ша шена герз тохарх лаьцна, цо къайле гучуйаьккхина аьлла, балхара дIаваккхар ду дуьйцург.

Со балхара дIавалахь, шу суна тIаьхьара девр дуй?

Оперативан декъехь болх беш вацара Бурмай. Шен лакхарчу хьаькамашца къийса дезаш хиллехь а, ша низамца лелла бохуш чӀагӀдо цо. 2018-чу шарахь куьйгалло тӀедожийнера цунна, оппозицин политикан Навальный Алексейн агӀонча волчу Попов Михаилан долахь йолчу "Статус" кхерамазаллин компанин директоран лицензи дӀайаккхар. Бурмай реза ца хилира, цхьа а бух бац аьлла, дIахьедеш:

"Миша [Попов] Навальныйгахьа вара. Цуьнан тоба [Ессентуки] конференце йеъча, цо дерриг а вовшахтоьхнера. Амма эххар а, къайлахчу сервисийн белхахой цига бахара. Цара дӀабаьккхира цаьргара гӀирс: акустикан Behringer системаш, компьютерш, сервер, Toshiba проектор, перифери а. И йоллу хIума сан белхан накъосташа со волчу цIа схьайеара, стенгара йевлла хIорш хаьттича, дийца а ца дуьйцуш. Соьга уьш йохка аьллера".

Редакции корреспонденто кехат дахьийтира Навальныйн тобанан белхахошка, и бакъ дарий хоттуш, амма цаьргара жоп ца хилира.

Белхан кодекс йохорна, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина дуьхьал коллективан иск йаккха дагадаийтинарг а Бурмай вара. Бакъду, кхелехь ийшира уьш, ткъа апелляци чу лучу хенахь, цуьнан коллегаш дуьхьал хилира оцу процессехь дакъалаца, тIаккха гIуллакх сацийра.

Зудчун са дукъийра, хьуьнхахь лечкъинера, тапча тоьхнера

2014-чу шарахь Бурмай Владимир чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера дехьавелира Росгварди. Ставрополан мехкан Ессентуки гIаларчу лицензеш лучу декъан инспекторан дарже хIоттийра иза. Масех шарахь цигахь белхаш а бира цо.

2018-чу шарахь лахьан-беттан 18-чу дийнахь Ӏуьйранна ши сахьт даьлча урхалле хаам бира, Воронова Инна цIе йолу цхьа зуда йийна карийна аьлла. Цуьнан хIусамда Воронов Дмитрий ведда хиллара ИЖ-81 герз а эцна, легаш Iоьвдина шен зуда йийна, дӀа а йихкина. Воронов официалехь санаторехь болх беш вара, амма тхан редакцехь цуьнан персоналан картотека йу: цу тӀехь билгалдоккху, цо ФСБ-н долара Кисловодск гӀаларчу №2238 йолчу тӀеман декъехь контрактца гӀуллакх дина хилар. Вороновгахь хиллера сервисийн табелан герз – Макаровн тапча. И лело бакъо а хиллера цуьнгахь.

Дуьйцуш хабарш хиллера, Воронова Инна шен цIийндена тешаме йац, цуьнан везар ву Ессентукера къелахо Погосян Карен бохуш. Оцу тIехула цо иза йийнера а бохура.

Бурмай Владимир ваханера шен белхан накъост схьалаха оперативан тобанан декъехь. Хьуьнхахула экспедицеш цо лело 20 шо а дара, талла а воьдура иза, дика йевзара цунна гонахара меттигаш. Эххар а Воронов Дмитрий велла схьакарийра – ша шена герз тоьхна хиллера цо.

Воккхавоьра оцу боьхачу меттигера дIаваьлла

Росгвардин центрехь ха дечо ватсапехула хаьттинера Бурмайга: "ХӀун ду цигахь хилларг?" Вукхо жоп деллера– Воронов карийна, ша шена тапча тоьхна хилла цо аьлла. Центран куьйгалхочо Микитчук Дмитрийс цуьнан аудио белхан тобанан чате теснера, иштта дIасадаьржинера цунах лаьцна. 15 секундехь йазйинчу аудиоца цхьаьна дахьийтинера Воронова Инна йийначу меттигера суьрташ а, таллархойн топ латтийна, йаьссачу сейфан сурт а, хьуьнхахь карийначу Воронов Дмитрийн докъанан даьккхина сурт а. Цул тӀаьхьа кхо де даьлча и информаци кхаьчнера Москварчу Ӏедалшка.

Регионалан ФСБ-но и гIуллакх къайладаьхьна хиллера, тIаьхьо хууш ма-хиллара. Меттигера Iедалхой ца хиллера хиллачух лаьцна Москвага дIахаийта дагахь а. Мелхо а, и дерриг а лачкъон хьийзинера. Ессентукера къайлахчу сервисийн хьаькамо билгалдаьккхира, Бурмайс белхан къайле гучуйаьккхина аьлла. Цуьнга хеттарш динера, цуьнга а, кхин масех белхахочуьнга а аьллера и тайпа хIума йуха далийтахь мегар дац аьлла.

Оцу декъе таллам бан хьаькамаш лийлира – кхоккха вогIуш, цара леррина толлура кабинеташ, бехктакхаман гIуллакх айдан бахьанаш лоьхуш. Амма кочабаха хIума дацара. Эххар а Бурмайна таIзар дира цхьа тептар кхачам боллуш кечдина ца хилла аьлла, бюлетенийн "бос кхин бу", кондиционер чохь ченаш йу аьлла.

Шо чекхдолуш машенахь воьдучу Бурмайн цIийн таIам лакхабаьлла, дарбан цIийне дIавигира иза. Ши де даьлча, ша балха араваьлча, шен хьаькаме Микитчуке хаьтинера цо: "Со балхара дIаваьлча, шу тIаьхьара довлий суна?"

Вукхо цу сохьта лакхарчу куьйгалле телефон тоьхнера – оьгIазбахначуьра уьш бастабеллий хьожуш. Ставрополан кIоштара ФСБ-н урхалло Кменный Сергейс жоп делла хиллера: "Луьра таIзар де" аьлла. ТIаккха Микитчука аьллера Бурмайга, балхара дIавала, амма билгалдаьккхинера: хьуна тIаьхьара бевр бац кху тIехь – формалехь балхара дIаваккха бахьана дац аьлла.

Бурмай балхара дIа а ваьлла, бизнес лело волавелира: "Воккхавоь со, цу боьхачу меттигера дIаваьлла. ЛартIахь дахар долийна ас". Йуьхьанца адвокатийн конторе балха вахара иза, цул тIаьхьа лаьмнашка экспедицешка лела волавелира.

Стаг карийчхьана, иза бехкеван хала дац

2022-чу шеран гIадужу-баттахь леца болийра Бурмай Владимиран доттагӀий: Дудченко Сергей а, Бузмаков Кирилл а, Шаулов Виктор а, Нечайкин Роман а. Бурмайга аьллера, иза рогӀехь ву аьлла, амма иза ца тешара цунах - цхьа а бахьана дацара. Дукха хан йалале лецира цунна уллера кхин цхьа стаг – машенийн механик, 4 беран да волу Мурнев Николай. ТӀаккха кхийтира Бурмай: олуш ма-хиллара, "стаг карийчхьана, цунна бехк тIеолла хала дац" бохучух. 24 сахьт хан йара цуьнан махкара аравала –шолгӀачу дийнахь иза лаца лерина хиллера.

Шен машена а хиъна, дозане гIоьртира Бурмай. Кхо сахьт тоьира цунна Лакхара Ларс олучу постехула чекхваьлла, Гуьржийчу кхача. Цуьнан белхан накъоста бахарехь. Хьаькамашна моьттинера, шен "ЦРУ-ра кураторца цхьанакхета" вахна иза, кеста йухавогIур ву. Цундела цунна тIаьхьа ца бевлира уьш. Амма Бурмай йуха ца веара.

ХIинца хIордал дехьа волчу цунна тIекхача хьийза ФСБ. Цуьнца цхьана белхаш беш хиллачара йаздо цуьнга: цIа а волий, даре де – ца хуьлчу далахь, оперативан информаци гIарайаьккхина аьлла, хьан гIуллакх айдийр ду бохуш. ХIинца иза бехкево терроран артиклехула, дуьненан лехамашка а велла.

"Ставрополерчу байкерийн гӀуллакхехула" ладегӀарш дӀадоьлхуш ду Ростов-гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхелехь. Суьдхо Довлатбекян Гурген ву кхелан куьйгалхо. Шаулов а, Нечайкин а дӀахецна 2018-чу шеран гIадужу-баттахь. Бузмаков велира 2024-чу шеран товбеца-баттахь, хетарехь, йиттинчул тIаьхьа. Иза валале хьалха, "хеттарш деш" кагдина хилла мочхал а, мотт а дӀабаьккхинера цуьнан, лоьраша хIоттийначу трубки чухула садоӀуш вара иза, зонд олучу гIирсехула кхача а луш. Дийна висина лаьцна шиъ - Дудченко а, Мурнев а Ростоврчу СИЗО-хь латтош ву.

Дукха хан йоццуш Оьрсийчохь лаца кхайкхийначу адвокато Захватов Дмитрийс иштта кхетадо: цу кепарчу гӀуллакхашкахула болу суьдхой "леррина къастийна нах" бу. Царех "йахначу хенахь лелийначунна тIехула таIзар деш санна, чалтачаш бо", йа тӀейогӀучу хенахь царна йал лур йу аьлла дош ло.

Шена дуьхьал айдинчу бехкзуламан гIуллакхах лаьцна ишта бохура Бурмайс: "Дукхахболчу ницкъахошна бIаьргаван ца веза Путин, амма кхоьру шайна бекхам барна. Нагахь санна, шаьш муьтIахь цахилар дIагайтахь…МогIарерчу нехан шанс йу кхера а белла, кIелхьарабовла, фсбшникийн – йац и шанс".

Политикан буха тIехь ду Бурмай Владимирна тIаьхьабовлар, ткъа лецна латтош болу цуьнан накъостий – политикан тутмакхаш бу аьлла хета "Мемориална".

  • Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийна тIом бен кхо шо сов зама йу. Муха тIеIаткъам бина цо Къилбаседа Кавказан а, Къилбан а регионашна? Бакъоларйархошца а, политологашца а, жигархошца а цунах лаьцна дийцаредира тхан сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG